Адам маьрша дехачу мехкашкахь ду, цуьнан санна, дийнатийн а бакъонаш Iалашъен низамаш. Амма дац уьш Оьрсийчохь. Цундела дац, жIаьла, цициг кхаба кIордийча дIахеца доьхку низам а. Хууш ма-хиллара, массо а пачхьалкхехь адамийн санна, дийнатийн а хуьлу шен хIусам.
Беркате хуьлда цицигийн керла хIусам!
Волонтераш баьхкина цицгашна юург йохьуш.
Соьлж-ГIалина юьстах, дIатесначу цIа чохь ю цицгийн хIусам.
Молханаш оьшур ду.
Юьхьанца санна ца къехка цицигаш.
Цхьана шуьнахь кхача биъначу цицгийн барт ца хила йиш.
Баккъалла а бакъ дуй-те хIара?!
Лорий лелайо цицгийн пхьегIаш волонтераша.
Шен доьзал бузийначул тIаьхьа наб а кхета мерзаниг.
Сан Нана массарел а дика ю!
"Вискас" йиъначул тIаьхьа ловза а дог догIу.
Папарацци, хьо воцуш а бац меттиг!
Дегаза доцуш, безамца леладо цара цицигаш.
ХIокху писуна хIусам ца оьшу, ша коьшкалахь дитичхьана.
Дерзий волонтераша шайн таханлера дезарш.
Соьлж-ГIалахь "Дикачу дахаре сатийсар" юкъаралла кхоьллина Даниш Алена.