Ткъа тахана Кадыров Ахьмад винчу денна лерина барамаш кхайкхийна ерриг Нохчийчохь. Соьлж-ГIалахь Кадыров Рамзан хьалха а ваьлла Ахьмадан чуртатIе зезагаш дохкуш рагI хIоттийнера махкарчу хьаькамаша. Елхоев Лечас тергоне ийцира махкара барамаш.
Мохк Кремлна юхаберзор дагалоцуш
Селхана дара Нохчийчохь Кадыров Рамзанан да Ахьмад дагалоцуш сагIанаш дохуш, мовлидаш йоьшуьйтуш, жайнаш доьшуш махкарчу маьждигашкахь.
Ткъа тахана Кадыров Ахьмад винчу денна лерина барамаш кхайкхийна ерриг Нохчийчохь. Соьлж-ГIалахь Кадыров Рамзан хьалха а ваьлла Ахьмадан чуртатIе зезагаш дохкуш рагI хIоттийнера махкарчу хьаькамаша. Елхоев Лечас тергоне ийцира махкара барамаш.

5
Курсанташа а дехкира чуртатIе зезагех дуьзна тускарш.

6
Полисхой а ца бисира юьстах.

7
Къилбаседа Кавказ кхиоран министр Кузнецов Лев ву Кадыров дагалоцуш

8
Зезагаш дехкинчул тIаьхьа Нохчийчуьрчу културин министро Дааев Хож-Баудис хьеший кхайкхира Кадыров Ахьмадан цIарах музейчу экскурси.