Соьлж-ГIалахь да воцуш лела цицгаш, жIаьлеш схьа а лехьош, царна хIусамаш нисъеш юкъаралла кхоллаелла дукха хан йоццуш. Маршо Радион фотокорреспондента Елхоев Лечас гойту "Дикачу дахаре сатийсар" цIе йолчу юкъараллан волонтерийн цхьа де.
Беркате хуьлда цицигийн керла хIусам!
Адам маьрша дехачу мехкашкахь ду, цуьнан санна, дийнатийн а бакъонаш Iалашъен низамаш. Амма дац уьш Оьрсийчохь. Цундела дац, жIаьла, цициг кхаба кIордийча дIахеца доьхку низам а. Хууш ма-хиллара, массо а пачхьалкхехь адамийн санна, дийнатийн а хуьлу шен хIусам.

9
Сан Нана массарел а дика ю!

10
"Вискас" йиъначул тIаьхьа ловза а дог догIу.

11
Папарацци, хьо воцуш а бац меттиг!

12
Дегаза доцуш, безамца леладо цара цицигаш.